ТIекхочийла долу линкаш

Эладита зулам ца лору Украинан парламенто


Украинан парламентан декъашхоша сацам бина эладита даржорна таIзар чIагIдеш долу низам дийцаре ца дан. Цунна дуьхьал акциш дIахьуш бара кху тIаьхьарчу деношкахь цу махкара журналисташ а, зорбанан гIирсийн белхахой а. Цу низамца а догIуш, эладита даржийначунна догIуш дара 5 шо набахтехь даккха хан тохар.

Эладитах лаьцна долу низам кечдинарг яра карарчу хенахь Украинехь Iедалехь йолу Регионийн парти. Иза чекхдаьллера Парламентехь хьалхарчу дешарах. Амма цу низамна реза вацара президент Янукович Виктор. Ткъа Парламентан гIантдас Литвин Владимира кхайкхам бира депутаташка, цу тайпа низамаш цкъа а тIе ма эцахьара аьлла.

Оппозицино а, журналисташа а емал динера и низам, цо дешан маршо талхайо аьлла. Цунна критика еш бара дуьненаюкъара бакъонашларъярхой а.
XS
SM
MD
LG