ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь а, эскарехь а хийцамаш баре кхайкхина Мисаран Iедалш бакъонашларъярхоша


Полицина а, тIеман ницкъашна а реформа яре кхайкхина Мисаран Iедалшка Amnesty International цIе йолчу дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло. Цу организацино Шинарийн дийнахь зорбане даьккхина ши рапорт.

Царна тIехь емал деш ду, Мисарах полицино а, эскархоша а адамийн бакъонаш талхош хилар. Amnesty International дийцарехь, бакъонаш а, маьршонаш а талхор соцуш дац Мисар-пачхьалкхехь 2011-чу шарахь Мубарак Хьосни даржах вохийначул тIаьхьа а.

Цо кечдинчу рапорташ тIехь тоьшаллаш ду машаран демонстрацеш дIасалохкуш полицин белхахоша а, эскархоша а зуламаш дина хиларан.
XS
SM
MD
LG