ТIекхочийла долу линкаш

Бозбунчалла лелийна эрмало лаьцна Нохчийчохь


Эрамалойчура вахархо лаьцна Нохчийчохь, 100 миллион сом даккхархьама ша лачкъийна аьлла сурт хIотторна. И ахча даккха дагахь хилла иза шен бизнесехула накъост волчу Германера вахархочуьнгара.

"Интерфакс" агенталло дийцарехь, Гезгамашин-бутт чекхболуш Нохчийчохь лачкъийна хилла цхьаьна болх беш волу Эрмалойчура а, Германера а ши вахархо. ТIаьхьо зуламхоша Германера вахархо дIахецна, эрмало маьрша воккхург 100 миллион сом схьада а аьлла.

И ахча цо гулдан дезаш хилла ГIадужу-беттан 2-гIа де тIекхачале. Шинарин дийнахь полицино, леррина операци дIа а яьхьна, мукъаваьккхина Эрмалойчура вахархо. Талламхочо левеш, цо даре дина, ахча даккха дагахь ша вадийна сурт хIоттийнера ша аьлла.
XS
SM
MD
LG