ТIекхочийла долу линкаш

Полицин белхахо вийна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчохь, Сунжа кIоштахь, полицин белхахошна тIелатар дина муьлуш бу ца хуучу наха. Даьттах олучу эвлан йистехь цара, герзаш а диттина, вийна цхьаъ полисхо.

Цуьнан кхо накъост чевнаш хилла ву. Меттигерчу талламан комитетан векалша бинчу хаамца, тIелатар динарш къайлабевлла хьуьнхахь. Уьш лохуш арабаьхна бу полицин ницкъаш.
XS
SM
MD
LG