ТIекхочийла долу линкаш

Саакашвилица дагадовларш дIадахьа белхан тоба кхоьллина харжамашкахь толам баьккхинчу коалицино


Гуьржийчоьнан президентаца а, министрийн кабинетаца а дагадовларш дIадахьа белхан тоба кхуллуш ю парламентан харжамашкахь толам баьккхина «Гуьржийн сатийсам» цIе йолу коалици. Цу хьокъехь динчу лерринчу дIахьедар тIехь аьлла ду, иза оьшуш ду Iедал хийцалуш конституцин къепе а, Iедалан урхаллийн болх бар а оьшучу тIегIантехь латто аьлла.

Миллиардеро Иванишвили Бидзинас куьйгалла деш йолу коалици оппозицехь ю президентана Саакашвили Михаилана. Ткъа Саакашвилин «Къоман цхьааллин болам» цIе йолу парти коьрта дуьхьалонча яра Иванишвилин «Гуьржийн сатийсам» коалицин Оршотан дийнахь хиллачу парламентан харжамашкахь.

Эксперташна хетарехь, халкъана луург кхочуш деш Саакашвилис кестта Iедалан гIантда хIотто мегаш ву Иванишвили Бидзина.
XS
SM
MD
LG