ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

40 стаг вийна Шемарчу Алеппохь


40 гергга стаг вийна Кхаарин дийнахь Шемарчу Алеппо-гIалахь, 4 эккхийтар а дина. 90 гергга стаг лазийна ву. Лондонехь туп тоьхначу Шемарчу адамийн бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Алеппон цхьана коьртачу майданахь эккхийтина кхоъ машен.

Иза динчеран Iалашо хиллачух тера ду цу майданахь йолу эпсарийн клуб эккхийтар. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, дукхах болу байинарш бу эскархой. Кхин цхьаъ эккхийтар дина цу гIалахь йохка-эцаран хIусаманна уллохь.

Шеман пачхьалкхан телевизионо бехке бина и лелхийтарш дарна террорахой. Иштта цIе йоккху Iедалан зорбанан гIирсаша Шемарчу гIаттамхойн.
XS
SM
MD
LG