ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дайделла ГIажарийчоьнан ахча - риал



ЦIеххьана дайделла ГIажарийчоьнан риал олуш долу ахча. И бахьана долуш меттигерчу ахча хуьйцучу меттигашкахь сацийна Iамеркан долларца операциш яр. Iедалан цIарах болх беш йолчу валюта хийцаран пункташкарчу белхахошна хетарехь Iедалша катоьхна гIулчаш яха еза риал чIагIдар Iалашонца.

Цу хеннахь, хаамийн гIирсаш дийцарехь, полицино луьйцуш бу шайн лаамца валюта хуьйцуш болу нах. Iамеркан долларца дуьстича кху тIаьхьарчу деношкахь реал дайделла 30 процентана.

ГIажарийчоьнан президенто Ахьмадинежад Махьмуда бехке йина Малхбузера пачхьалкхаш, шайн махкаца экономикан тIом болорна.
XS
SM
MD
LG