ТIекхочийла долу линкаш

Шеман территори тIехь тIеман операцеш дIахьур ю туркойн эскарша


Iедалан дехарца Туркойчоьнан парламенто бакъо елла шайн эскаршна луларчу Шемахь, шина пачхьалкхан дозанца, тIеман операцеш дIаяхьа. Туркойн депутаташ цIеххьана кхеташоне гулбаларан бахьана дара, Шеман территори тIера яккхийн тоьпаш а йиттиина, туркойн маьрша бахархой байар. Байинчарна юкъахь ду 3 бер.

Цунна жоп луш, туркойн эскархоша герзаш диттина цхьамогIа шайн дозанца йолчу тIеман объекташна. Туркойчоьнан парламенто бинчу сацамца, эскаран тIеман рейдаш ян а, кеманашца тохарш дан а бакъо хир ю цхьана шарахь. Шеман Iедалша динарг емал дина Iамерко а, Британино а, Францино а, Евробертан куьйгалло а.
XS
SM
MD
LG