ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин пикет ю дIахьoш Бишкекехь


ГIиргIизойчоьнан къоман кхерамазаллин комитетан гIишлонна хьалха пикет дIахьуш ву 50 гергга стаг. Цара доьхург ду "Ата-Журт" олучу оппозицин партин лидерш Ташиев Камчибек а, Жапаров Садыр а, Мамытов Талант а дIахецар. И кхоъ стаг дIалаьцна Iедалша, махкахь карчам бан гIоьртина аьлла, бехке а вина.

Пикетан декъашхоша дIахьедарш до, шаьш аьлларг кхочуш даллалц цигахь лаьттар ду шаьш бохуш. Оццу дехарца, 600 стага дакъа а лоцуш, митинг ю дIайоьдуш ГIиргIизойчоьнан къилбехь йолчу Джалал-Абадехь а.

Хьалхо «Ата-Журт» партин векалша дIахьедар дира, дуьхьалонан акциш вовшахтоха дагахь ду шаьш берриг а махкахь аьлла.
XS
SM
MD
LG