ТIекхочийла долу линкаш

Политковскаян цIе тиллина Чехерчу паркана


Москох йийна йолчу журналистан Политковская Аннин цIе тиллина шайн коьртачу паркана Чехерчу Карловы Вары-гIалин Iедалша. Еарийн дийнахь цу паркехь дIахIоттийна Политковскаян цIе тIехь йолу леррина мраморан у.

Оьрсийчура журналист дагахь латтош цуьнан цIе тиллахьара аьлла, дехар динарг ю уггаре евзаш йолу People in Need цIе йолу Чехера Iедалех йозуш йоцу вовшахтохаралла. Карловы Вары Оьрсийчура туристаша хаьржин меттиг ю Чехехь. Цу гIаларчу кеманийн портера кеманаш нисса дIасалела Москох а, Петарбухе а.

Политковская Анна йийна Москох ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь 2006-чу шарахь.
XS
SM
MD
LG