ТIекхочийла долу линкаш

ПАСЕ-н резолюци тергал йийр яц Кремло


Кху деношкахь Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеяно тIеэцна резолюци тергал а ца еш йита дагахь ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна Интерфаксе хаам бина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цо дийцарехь, ПАСЕ-но Оьрсийчоьне бина кхайкхамаш богIуш бина ца хета Кремлехь.

Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян резолюци тIехь аьлла ду, тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчохь тIеэцна долу масийтта низам демократица догIуш дац аьлла. Цуьнцана цхьаьна ПАСЕ-но билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан куьйгалхоша цхьацца дикачу агIора гIулчаш яьхна хилар. Царна юкъахь ду политикан партех лаьцначу низамехь хийцамаш бар а, губернаторш харжар юхаметтахIоттор а.
XS
SM
MD
LG