ТIекхочийла долу линкаш

ЦхьамогIа берташ тIеэцна Путина а, Рахмона а


Оьрсийчоьнан а, Таджикистанан а президенташа - Путин Владимира а, Рахмон Эмомалис а - цхьамогIа документаш тIеэцна Душанбехь, шаьшшина дийцарш дIадирзинчул тIаьхьа. Уьш доьзна ду тIеман а, экономикан а, миграцин а сферашкахь цхьаьнакъахьерца.

Цул сов, шина пачхьалкхо барт бина наркотрафикана дуьхьал цхьаьнакъахьега а. Уггаре а коьртачех бу 2042 шаре кхаччалц Таджикистанехь 201-ра Оьрсийчоьнан тIеман база йитарх лаьцна болу барт. Цунах ахча дала оьшур а дац Оьрсийчоьнан. Цуьнан метта Оьрсийчоьно дуьтур ду таджикашна шен шира декхар.
XS
SM
MD
LG