ТIекхочийла долу линкаш

Страсбургехь стаг вийна полицино


Францерчу Страсбург-гIалахь полицино, герза ат оьхна, вийна террорахо хила мега аьлла, шеко йолу стаг. Цуьнан цIе йоккхуш яц.

Iедалша бинчу хаамца, полицин белхахоша герз тоьхна цунна, цу стага шайна герз кхоьссинчул тIаьхьа. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу кепара операцеш хилла Ниццехь а, Парижана гонах йолчу цхьамогIа кIошташкахь а.

Францерчу хаамийн гIирсаша яздарехь, и операцеш йозна ю баханчу баттахь Парижана лулахь, цхьана жуьгтийн туьканна тIелатар дар талларца. Цигахь, куьйга йина бомба а экххийтина, вийнера цхьа стаг.
XS
SM
MD
LG