ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийчохь керла Iедал дIахIоттош ву Иванишвили



КΙира хьалха бирзинчу Гуьржийчоьнан парламентан харжамийн жамΙаша бакъо шена луш хиларе терра, «Гуьржийн сатийсам» цΙе йолчу партийн коалицин лидера миллиардера Иванишвили Бидзинас дΙахаийтина керла къастош йолчу министрийн кабинетан коьртехь ша хир вуйла. Шеца министрийн гΙенташка ховшур болчийн цΙерш а яьхна цо.

ТΙеман министран гΙовс хиллачу Аласания Ираклийга луш ду оцу министраллера коьрта дарж. Полицин коьртехь хир ву Гарибашвили Ираклий. Германерчу а, Голландерчу а векале дала лерина арахьарчу гΙуллакхийн министран гΙант. Парламентан 150 меттигах 83 меттиг кхаьчна харжамашкахь Иванишвилин коалицина.
XS
SM
MD
LG