ТIекхочийла долу линкаш

Маршо Радиох доглозучийн пикеташ



Москох Ιаьмеркан векалтна хьалха цхьалха пикеташ дΙаьяьхьна меттигерчу жигархоша Ιаьмеркан долахь йолчу Маршо Радион Оьрсийчуьра эфир яцъярна а, балхара дуккха журналисташ дΙа а бохуш, хийцамаш барна а дуьхьал. Пикетехь дакъалаьцначу 30 стагна юкъара лаьцна полисхоша журналист Филимонов Кирил.

Маршо Радио Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессо ахча луш еха. Кхоллаелла 60 шо хьалха оьрсий а, кхин къамнаш а Советан Ιедалан балех хьалхадаха хиллачу Ιалашонца. Цуьнан эфир яьржа 30 гергга меттанашкахь. Оьрсийчоьхь Маршо Радион болх лахбаро демократина эшам бохьу, аьлла хета Москохарчу бакъоларъярхошна.
XS
SM
MD
LG