ТIекхочийла долу линкаш

Буданов вер нохчочунна тΙехь дуьсуш лаьтта



Москох талламхой зийна бевлла иттех шо хьалха нохчийн йоΙ Кунгаева Эльза ерна, набахтехь а Ιийна, араваьлла полковник Буданов Юрий верах долу гΙуллакх. ХΙинца иза прокуратуре кхаьчийна. Буданов верна бехке во Устрада-ГΙалин вахархо 42 шо долу Темирханов Юсуп.

Талламчашна хетарехь, цо борхΙазpа тапча тоьхна Будановна, цунах иза вала а велла. Темирханов бехке хиларан тоьшаллехь ву, боху талламчаша, массех стаг. Буданов цо вийна, чΙагΙдо талламчаша, шен 2000-чу шарахь эскархоша хΙаллаквинчу дена дуьхьал бекхам беш.
XS
SM
MD
LG