ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтера мукъаяьккхина Pussy Riot-н декъашхойх цхьаъ




Килса чохь «Дела, Путин даржах ваккха ахь!», аьлла йиш лакхарна, ши бутт гергга хьалха шишша шераш а тоьхна, набахти чу йоьллинчу Пусси Райт панк-тобанерчу кхаа зудчух цхьаъ – Самуцевич Екатерина мукъаяьккхина Москохарчу кхело. Тоьхна хан а, набахтин раж а ца хуьйцуш йитина Толоконникова Надеждина а, Алёхина Марияна а.

Кхааннах цхьаъ дΙахецаран бахьана ду, иза шен накъосташца цхьаьна эшар лакха килса чу а кхачале, хадечара дуьхьало а йина, дуьззина декъа ца яхна зударша динчу зуламна. Иштта бу кхелан сацам. Шаьш динца гамо йолуш дина хΙумма а дацара, иза политикан акци яра, Ιедална дуьхьалъяьккхина дΙахьош, чΙагΙдо набахтера аьрзнаш яздечу Пусси Райт тобанерчу хзударша.
XS
SM
MD
LG