ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 шо долу йоΙ ер емалдо пакистанхоша




Пакистанерчу Пешаварехь 100 сов стага гулам дΙабаьхьана меттигерчу «Амн Техрик» цΙе йолчу машарбаран юкъараллера 14 шо долу йоΙ Юсафзай Малала ерца доьзна. Дарбан цΙийнахь елла коьртах даьндарг кхетта йоΙ. Ткъа бехк шайна тΙеэцна меттигерчу тΙалибаша.

Кхо шо хьалха Сват-хица йолчу ярташкахь тΙалибаша нах хьийзош хилар Ιорадаьккхина хилла йоΙа интернетехула. Пакистанан президента Ашраф Первеза емал дина Юсафзай ер. Иштта Ιаьткъина берана дуьхьал дина зулам дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматашна а.
XS
SM
MD
LG