ТIекхочийла долу линкаш

Лахлуш бу дуьнентΙера бахамаш




ДуьнентΙерачу бахархойн хьал-бахам эшна кху тΙаьххьарчу шарахь 5 процентна. Оццул боккха эшам бахамаллехь хилла бацара тΙаьххьарчу 5-6 шера чохь, билгалдоккху экономикан хьелаш тергонехь латточу Ιаьмеркарчу Credit Suisse институто. Цо билгалдоккху Ιаьмеркан экономика меттайогΙуш хилар а, доллар чΙагΙлуш хилар а, кхечу валюташца дуьстича.

Европехь нехан хьал эшна 11 триллион долларна. Credit Suisse талламашкахь стаг уггаре дика веха меттигаш ю таханенна Швейцари, Австрали, Норвеги. Тидам тΙебохуьйтуш ду хΙара терахь а: 150 миллион гергга нах бехачу Оьрсийчохь ву 50 миллион долларал лакхара хьал долуш ши эзар гергга вахархо.
XS
SM
MD
LG