ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кеманца тΙеман гΙирс хилла бохург бакъ ца до Оьрсийчоьно



Стигалахь, Москох – Демаьшк рейсаца доьдуш хилла кема лаьцна, Анкарахь охьадосса декхаре даран бахьана довзийтар туркошна тΙедожийна Оьрсийчоьно. Маьршачу 35 некъахочу дахар кхерама кΙел даьхьана хилла, боху оьрсаша, кема ницкъаша охадоссош.

Кхаарийн сарахь хилла инцидент. Чохь Шемарчу Ιедалан ницкъашка дΙакхачон хьош тΙеман гΙирс хиларна шеко йолуш сацийна кема туркоша. Шеко бакъ а нисъелла, дΙа а баьккхина цара кемантΙера гΙирс. Оцу хьокъехь хаам бина Туркойчоьнан транспортан министра Йылдырым Биналис. Туркойнний, Шемарчу Ιедаланний юкъаметтигаш иръелла Шемин тΙеман ницкъаша дахначу кΙиранах туркойн лаьтта тΙе кхиссинчу яккхий тоьпийн хΙоьънаша 5 стаг верца.
XS
SM
MD
LG