ТIекхочийла долу линкаш

ХьажцΙа – озабезамашца




Нохчийчуьра 5 эзар гергга стаг ваха тарло хьаьждан. Царех дукхахберш кхочур бу Макка мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан сагΙадаран квотица. 3500 стаг ХьажцΙа кхачор тешийна кхушара «Ирс групп» цΙе йолчу туроператорна. Амма мил-мила а вац оцу нахана юкъахь – мэрийн, кΙоштийн бевза-безарш бу, бохуш ду, Нохчийчуьра кхочу аьрзнаш. ЦΙе ца яккхар дехначу наха хаам бо, лома ярташкара я къехойн могΙаршкара бац ХьаьжцΙа баха къастийнарш, къестамаш озабезамашца бо, бохуш.
XS
SM
MD
LG