ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Асадца долу гергарлонаш емал до Ιаьмерко




«Оьздангаллех эшна политика» Шема-махкаца лелорна бехке йо Оьрсийчоь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан администрацино. Пачхьалкхан департаменто дΙакхайкхийна, Вашингтон саготта ю Москох Шемарчу Iедална гΙаттамхошна дуьхьалдаха герзаш латтош хиларна, аьлла. ДΙахьедарна бухахь ду шинарий дийнахь Оьрсийчуьра Шема доьдуш хилла кема туркоша сацийча, оцу чохь тΙеман кир гучубаьлла хилар.

ПΙераскан дийнахь оьрсийн арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс хаам бина, кеманца хьош хилларш радарийн дакъош дара, аьлла. Цо уьш дΙасакхехьар дихкина дац, боху, дуьненаюкъарчу низамаша. Ткъа Ιаьмеркахошна харцо хета муьлха а Асад Башаран раж чΙагΙъен гΙирс Шема кхачор.
XS
SM
MD
LG