ТIекхочийла долу линкаш

Евроберто керла санкциш кхайкхийна Шеманна а, ГIажарийчоьнна а, Беларусина а дуьхьал


Шеман пачхьалкхана дуьхьал йолу санкциш шоръян сацам бина Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министарша Оршот-дийнахь. Иштта Евробертан территори тIе валар дихкина цу махкахь Iедалехь волчу 28 стагана.

Церан а, кхин а шина кампанин а банкашкахь йолу чоьташ болх бечура совцийна. Министарш керла санкциш кхайкхийна ГIажарийчоьнна а, цуьнан зарратан программа бахьана долуш, ткъа иштта политикан тутмакхаш маьрша баха реза ца хуьлчу, кестта дуьненаюкъаралло маьрша лаьрра боцу парламентан харжамаш хиллачу Белорусина а духьал.
XS
SM
MD
LG