ТIекхочийла долу линкаш

ТIалибаша эскархошна тIелатар дина Пакистанехь



Пакистанехь, Маттани-гIалахь, исламан тIеман тобано тIелатар дина эскаран талламан-чекхволуьйтучу меттигана. Цу тIелатарехь дакъалоцуш хилла 100 гергга стаг. Цара маса тоьпаш а, гаранаташ кхуьссу тоьпаш а йиттина эскархошна тIе.

Пакистанан Iедалша бинчу хаамца, вийна 6 эскархо а, полицин белхахо а. Чевнаш йина ву 11 стаг. ТIелатар динчарна юкъахь а ду дараш. Шина сохьтехь тIом бинчул тIаьхьа, эскархойн аьтто баьлла и тIелатар юхатоха. Иза шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаша.
XS
SM
MD
LG