ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британех дIакъастарх лаьцна референдум хир ю Шотландехь 2014 шарахь


Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида а, Шотландин премьер-министро Салмонд Алекса а барт бина, Шотландина, йозуш йоцу пачхьалкх а хилла, Британех дIакъастарх лаьцна референдум дIаяхьа бакъо луш. Цу хьокъехь кхаж тосур болуш бу 2014-чу шарахь. Салмонд аьррохьара йолчу Шотландин къоман партин лидер ву.
Цу тайпа референдум дIаяхьа гIерташ ши шо дара цо къийсам латто.

1603-чу шарахь дуьйна Ингалс пачхьалкхана а, Шотландина а урхалла деш ву цхьа паччахь. 1707-чу шарахь дуьйна церан цхьаъ парламент яра. 1999-чу шарахь Шотландина бакъо елира цхьацца бакъонаш хадийна йолу парламент харжа.

ТIаьхьарчу хенахь бинчу талламаша гойтуш ду Шотланди йозуш йоцу пачхьалкх хила лууш 30-40 процент цу махкара бахархой хилар. Амма церан терахь алсам долуш ду.
XS
SM
MD
LG