ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман базе кема охьахаийна тилвеллачу Индонезерчу пилото


Индонезерчу пилото, гал а ваьлла, некъахойн кема охьахаийна кхечу аэропортехь. Цу кеман тIехь хилла 100 гергга стаг. Суматра гIайрин тIехь йолчу Медана-гIалара Паданг-гIала доьдуш хилла и кема.

Амма хууш доцучу бахьаница, пилото кема охьахаийна иза доьдуш долчу аэропортана 12 километр юьстах йолчу тIеман авиабазе. Хилларг бахьана долуш таллам беш ду Индонезин Iедалш.
XS
SM
MD
LG