ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Котар-юьртахь хилларг юха а таллар тIедожийна Оьрсийчоьнна Европан Кхеташонан министрийн комитето


Страсбургехь Европан кхеташонан министрийн комитето шен рогIерчу кхеташонехь дийцаре дина Нохчийчоьнца боьзна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело 6 шо хьалха бина сацам Оьрсийчоьно кхочуш цабар.

2000-чу шарахь оьрсийн тΙеман кеманаша Хьалха-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь, ракеташ а, бомбанаш а йиттина, дуккха а нах байъар теллинера Еврокхело. Декхаре йинера Оьрсийчоь хилла бохам а талла, оьшуш болу сацамаш бе аьлла.

Амма хилам ма-доггΙу ца толлуш битира Оьрсийчоьно. Европан министрийн комитето бехке йина Оьрсийчоь, цо адамийн бакъонийн дуьненан конвенцин 46-гΙа артикл талхорна. Комитето тIедожийна Оьрсийчоьнан Iедалшна кхин цкъа а таллам а бина, цу талламах лаьцна кхоччуш йолу информаци шайна хаийтар.

Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн терго ечу Human Rights Watch-о билгалдоккху, Нохчийчуьрчу бахархойн дехарца теллинчу 33 девнан лорах Оьрсийчоьно цхьа а стаг жоьпе озийна а цахилар.
XS
SM
MD
LG