ТIекхочийла долу линкаш

Политковская Анна ер хьокъехь таллам бина бевлла талламхой


Журналист Политковская Анна ер хьокъехь таллам бина яьлла Оьрсийчоьнан Талламан комитет. Эххаре а бехк кховдийна кхаа вешега МахмудовгIаьрга Рустаме а, ИбраьхIиме а, Джабраиле а, ткъа иштта Хаджикурбанов Сергейга а, Гайтукаев Лом-Iеле а.

Цунах лаьцна хаам бина Талламан комитетан официала векало Маркин Владимира. Цо дийцарехь, уьш герга гIоьртина Политковская ен еза аьлла, дехар динарг мила ву бохучу хаттарна жоп карорна. Иза мила ву цкъачунна дуьйцуш дац.

Цу гIуллакхана юкъаозийна вара кхин цхьаъ стаг а. Милицин белхахо хилла волу Павлюченков Дмитрий. Амма цуьнан гIуллакх ша толлур долуш ду, цо шен бехк хилар даре а дина, талламхошца юкъаметтигаш лелорна.

Новая газетехь болх беш йолу Политковская Анна йийра Москох шен хIусамна хьалха, 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG