"Гуьржийчоьнан сатийсам" коалицин лидер волчу миллиардерана Иванишвили Бидзинина Гуьржийчоьнан махкахо хилар юхадерзийна цу мехкан президенто Саакашвили Михаила.
Гергарчу хенахь Гуьржийчоьнан премьер-министр хIотта мегаш ву Иванишвили. Цуьнагара Гуьржийчоьнан махкалла дIадаьккхинера Саакашвилин омрица, гуьржийн хилла ца Iаш, Францин а паспорт долуш ву иза аьлла.ТIаьхьо Иванишвилис дитира Францин махкахо хилар.