ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь лецна оппозицин лидерш


«Аьррохьара Фронт» боламан лидер волчу Удальцов Сергейна а, кхин болчу а оппозицин куьйгалхошна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакх схьадиллина шаьш аьлла, хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Цу комитетан офицалан векало Маркин Владимира дийцарехь, иза доьзна ду дукха хан йоцуш НТВ телеканалехула гайтинчу «Дуьхьалонан акцийн анатоми» цIе йолчу филмаца.

Цо чIагIдарехь, оппозици кечлуш хилла, дуккха а адамаш дакъалоцуш долу гIиттарш вовшахтоха. Удальцов воцург, цу гIуллакхана юкъаозийна ву Развожаев Леонид а, Лебедев Константин а.

НТВ-но гайтинчу филмаца а догIуш, Гуьржийчоьнан Iедалан векалшца цхьаьна а кхетта, Москох гIиттарш дан кечлуш хилла Удальцов Сергей. Удальцовс иза бакъдац бохуш, чIагIдо.
XS
SM
MD
LG