ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара тIом махкал арабала мега аьлла, саготта ву БрахIими


Дуьненаюкъараллан цIарах Шемахь волу векал БрахIими Лахдар саготта ву, цу махкара конфликт дозанал араяла мега аьлла. ТIаккха цу регионехь баккъалла а тIом хила мега аьлла, хета цунна. Кхаарин дийнахь, Бейрутехь вист хуьлуш, БрахIимис дIахьедар дира, иза хир ду, нагахь катоьхна Шемара конфликт дIа ца ерзаяхь аьлла.

Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира, Шемахь машар балур бу аьлла болу сатийсам вуно кIезиг хилар. Дуьненаюкъараллан векалан дарж дIалецира БрахIимис Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь. Цу хенахь дуьйна цо дуккха а цхьаьанакхетарш дIадаьхьна цхьамоггIа Iаьрбийн пачхьалкхийн куьйгалхошца а, ГIажарийчоьнан Iедалшца а. Амма цара цхьа а жамI деана дац.

ХIинца БрахIими Лахдар сатесна ву кху беттан 26-чу дийнахь гIурба дуьш Шемахь цхьана ханна барт балур бу аьлла.
XS
SM
MD
LG