ТIекхочийла долу линкаш

Керла хьехар дина Путина шайн лерринчу сервисийн белхахошна


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кхайкхам бина шайн ницкъаллин структурийн белхахошна кхин а хадам боллуш а, майра а хIаллакбе террорахой аьлла.

Шинарийн дийнахь Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн кхеташонехь Путин хаам бира, кху тIаьхьарчу масех баттахь леррина тIеман операцеш дIахьош 313 стаг вийна шаьш аьлла. Уьш террорахой бара боху Оьрсийчоьнан куьйгалхочо, шайна юкъахь 43 баьчча а волуш.

Путин чIагIдарехь, 479 цо бандит аьлла, цIе тоьхна волу стаг дIалаьцна ву. Путина элира, лерринчу сервисаша ларбан беза низам дохош боцу нах аьлла.
XS
SM
MD
LG