ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнан керла премьер-министр хир ву Иванишвили Бидзина


«Гуьржийн сатийсаман» лидер Иванишвили Бидзина премьер-министран даржехь чIагIве аьлла, цуьнан кандидатура парламенте кховдийна Гуьржийчоьнан президенто Саакашвили Михаила. Иванишвили политикан оппонент ву гуьржийн президентан.

Цо куьйгалла дечу «Гуьржийн сатийсам» коалицино толамбаьккхира кху беттан 1-чу дийнахь хиллачу парламентан харжамашкахь, Саакашвилин парти эша а еш. Амма цуьнга хьаьжна доцуш, халкъан лаам лоруш, Саакашвилис сацам бина Иванишвили Iедалан коьрте хIотто.

Шинарин дийнахь Иванишвилис хаам бира, керлачу парламентан хьлхара кхеташо хир ю тIедогIучу КIирандийнахь аьлла. Оцу дийнахь харжа там бу «Гуьржийн сатийсаман» лидер Гуьржийчоьнан премьер-министр.
XS
SM
MD
LG