ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьно гIортор йина БрахIимин кхайкхамна


Шемара конфликт дIаерзор Iалашонца, гIурбан денош тIекхочуш хиларх пайда а эцна, герзаш деттар саца а дина, маьрша харжамаш дIабахьа беза аьлла, дIакхайкхийнера дуьненаюкъараллан цIарах векал волчу БрахIими Лахдара.

Цунна тIетайна ГIажарийчоьнан президент Ахьмадинежад Махьмуд. Цо дийцарехь, ша диннарг де аьлла, дехар дина цо Туркойчоьнан премьер-министре ЭрдохIан Реджепе.

ГIажарийчоь юххера бертахо лоруш ю Асад Башаран Iедалан. Ткъа Туркойчоь дуьхьал ю цу режиманна. Туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Давутоглу Ахьмада дийцарехь, БрахIимис аьллачунна гIортор йина Iаьрбийн пачхьалкхийн лиго а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло бинчу хаамца, Шемахь 19-сса баттахь конфликт йоьдуш вийна 20 сов эзар стаг.
XS
SM
MD
LG