ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НАТО-но дIатосур яц ОвхIанистан


НАТО-н инарлан секретар Фог Расмуссен Андерс кхаьчна Еарин дийнахь Кабуле белхан визитаца. Цигахь иза цхьаьнакхета дагахь ву ОвхIанистанан президентаца Карзай Хьамидца а, Iедалан а, парламентан а декъашхошца а. Кабулехь, журналисташна хьалха вист хуьлуш, Расмуссена билгалдаьккхира, дуьненаюкъаралло кхин дIа а гIо дийр ду овхIанхошна, махкахь маьрша кхане кхуллуш аьлла.

НАТО-н куьйгалхочо ша тешна ву элира, 2014-гIа шо чекхдолуш ОвхIанистанан кхерамазаллин ницкъашка шайга латталур ю махкахь кхерамазалла аьлла. Рассмуссен элира, Къилбаседа Атлантикан ТIеман Альянсо кхин дIа а гIо дийр ду овхIанан полицин белхахой а, эскархой а Iамош аьлла.
XS
SM
MD
LG