ТIекхочийла долу линкаш

Еврозонерчу банкашна тIехьожуш хир ю керла орган


Еврозонана юкъахь йолчу пачхьалкхийн банкашна тIехьожуш йолу орган кхолла сацам бина Брюсселехь хиллачу саммитехь Евробертан лидерша. Еврокомиссин куьйгалхочо Байи Оливьес дийцарехь, и сацам кхочуш бийра бу 2013-чу шарахь.

Дуьххьара Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхой дагахь бара 2013-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь леррина банкийн кхеташо кхолла. Амма Францин а, Германин а барт цахилира цу хьокъехь.

Керлачу органан белхан декхарш билгалдохур ду кху шеран ГIуран-баттахь хир йолчу Евробертан саммитехь.
XS
SM
MD
LG