ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БрахIими кхаьчна Шема



Дуьненаюкъараллан векал БрахIими Лахдар кхаьчна Шема. Димашкъехь цо дагадовларш дIахьур ду Шеман куьйгалхошца. Цкъачунна билггала хууш дац БрахIими Асад Башараца цхьаьнакхетар ву, я вац.

Амма цо дийцарш дIахьур ду Шеман арахьарчу гIуллакхийн министарца Муаллем Валидца. Цу дийцаршкахь коьрта тема хир ю дукха хан йоцуш БрахIимис дина долу хьалхататтар.

Дуьненаюкъараллан векло кхайкхам бинера Шеман Iедалан ницкъашка а, гIаттамхошка а, гIурбан деношкахь махкахь тIемаш дар сацаде аьлла. Еарин дийнахь цу гIуллакхана тIехIоьттира ГIажарийчоьнан президент Ахьмадинежад Махьмуд. Цо дийцарехь, цу планан гIортор еш ю Iаьрбийн пачхьалкхийн лига а.
XS
SM
MD
LG