ТIекхочийла долу линкаш

Шаьш лоьхучу шина стагана айкх ваьллачунна ахча кхайкхийна Iамеркан Пачхьалкхан департаменто


Iамеркан Пачхьалкхан департаменто ахча кхайкхийна Аль-Кхайдина финансашца гIо деш волу ши стаг волу меттиг йийцинчунна. Ал-Фадхли Мухсин мичахь ву дийцинчунна 7 миллион доллар лур долуш ду. Ткъа цуьнан гIоьнча Ал-Харби Аделанана айкх ваьлчунна лур ду 5 миллион доллар.

Цхьаболчу хаамашца, и ши стаг хила мегаш ву ГIажарийчоьнан территори тIехь, Пакистанера Европе а, Къилбаседа Африке а, ОвхIанистане а, Иракъе а тIемалой хьежош.

Iамеркан финансийн министралло болх бечура совцийна церан хила мегаш йолу банкийн чоьташ. Iамеркахошна дихкина ду цаьрца юкъаметтигаш лелор.
XS
SM
MD
LG