ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанехь бердах вахана полицин эпсар


Дагестанехь, Цумада кIоштахь, велла Калиниградан кIоштара чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан командир Новиков Петр. 42 шо долу и стаг бердах вахана Агвали эвлана 7 километар генахь.

Хиллачу чевнех Новиков велла. Цо куьйгалла деш йолу полицин тоба тIемалой лоьхуш хилла цу кIоштахь.

Иштта Марсхьокху-беттан 16-чу дийнахь БотIлихехь бердах яханера оьрсийн эскархойн гIагIдиллина машен. И бахьана долуш, ши эскархо вийра, кхин а кхоъ лазийнера.
XS
SM
MD
LG