ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайчохь вайна 28 шо долу Альмурзиев Орц


ГIалгIайчохь лар йоцуш вайна 28 шо долу Альмурзиев Орц. Цунах лаьцна журналисташка хаам бина цу жимачу стеган нанас Кокурхоева Райшата. Цо дийцарехь, цуьнан кIант вайна Еарин дийнахь, балха ваха новкъаваьллачул тIаьхьа.

Альмурзиевн гергарнаш шеко йолуш бу иза ницкъаллин структурийн белхахоша дIавигина хила мега аьлла. Дукха хан йоцуш Альмурзиев Орцин ваша Альмурзиев Iалавди, 23 шо хан а тоьхна, чувоьллира, тIеман коврана тIелатар деш дакъалаьцна аьлла, бехке а вина.

Цуьнан гергарчара дийцарехь, цу стаганна ондда тIеIаткъам бина хилла набахтехь.
XS
SM
MD
LG