ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БрахIими цхьаьнакхетта Шеман арахьарчу гIуллакхийн министарца


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан а, Iаьрбийн пачхьалкхийн лигийн а Шемахь векал волчу БрахIими Лахдара дагадовларш дIадаьхьна Димашкъехь цу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министарца Муалем Валидца.

Цунах пайда а эцна, БрахIимис дехар дина Шеман Iедалшка цхьана йоццучу ханна гIурбан денош дIадерззалц гIаттамхошца машар бан реза хилахьар аьлла. Хьалхо Шеман Iедалша къадийнера, дуьненаюкъараллан векало дуьйцург кхочуш дале, оппозицегара кхоччуш гарантиш еза шайна аьлла.

Шемахь визит дIахьош БрахIими Лахдар цхьаьнакхета дагахь ву оппозицин лидершца.

XS
SM
MD
LG