ТIекхочийла долу линкаш

Шайн накъосташа ялх эскархо вийна ОвхIанистанехь


ОвхIанистанехь, таллам а беш, чекхволуьйтучу меттигехь цхьана эпсаро а, кхача кечбечу белхахочо а, дIовш а тесна, вийна шайн ши накъост. Постехь шайн накъосташка хьоьжуш хилла висина 4 полицин белхахо вийна, тIемалоша тIелатар а дина.

И бохам хилла Гильменд провинцехь, Герешк олучу меттехь. И зулам деш дакъалаьцна волу эпсар дIалаьцна Iедалша. Кхача кечбархо ведда къайлаваьлла.
XS
SM
MD
LG