ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша полицин белхахо вийна хилар даре дина ГIалгIайчоьнан Iедалан белхахочо


ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан администрацин белхахочо даре дина, ша полицин белхахо вийна хилар. ПIераскан дийнахь ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле тIевеана Тутаев Хас-Мохьмад. Цунах лаьцна Интерфаксе хаам бина Оьрсийчоьнан талламан комитетан векалша.

Цара дийцарехь, Тутаев дIалаьцна. Цо даре дина ша некъан полицин белхахо Евлоев Зелимхан вийна хилар. Цуьнан бахьана хууш дац.

Хьалхо хаам бинера Еарин дийнахь муьлуш бу ца хуучу наха Магасехь Евлоев вийна, иза вехачу хIусаманна хьалха аьлла. ТIелатар динарш къайлабевллера.
XS
SM
MD
LG