ТIекхочийла долу линкаш

«Роснефть» чΙагΙлуш ю



Британехь бахамаллийца тоьлла ларалучех йолчу БП цΙе йолчу мехкадаьттан компанино сацам бина шен дуьненаюкъарчу ТНК-компанехь а, оьрсийн Роснефтехь а долчу хьолан ах акцеш Роснефтана дΙайохка. Оьрсийн компанин куьйгалхочуьнца Сечин Игорца къамел деш, иза Оьрсийчоьнан экономика чΙагΙъеш хΙума ду, аьлла, йохк-эцаран гΙулч къобалйина президента Путин Владимира. Иштта Эй-Эй-Кей олучу арахьарчу мехкдаьттан консорциуман акцеш а эца сацам бина Роснефто, дуьнентΙера мехкдаьтта дохкархойн могΙаршкахь чΙагΙлуш.
XS
SM
MD
LG