ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙаттамхойх маьрша ю Евкуровн телефон



ГΙалгΙайн администрацин хьалханчас Евкуров Юнус-Бека оршотдийнахь дуьйна мехкан кхерамзаллин кхеташо зΙенехь хир ю тΙамах мукъабовла луучу гΙаттамхошна, аьлла, яржийначу ноьмар тΙе телефон цкъачунна цхьаммо а ца тоьхна. И чΙагΙдо Евкуровн пресс-секретара Манкиев Якъуба. Шоьтан дийнахь телефон а йовзуьйтуш, ша вистхуьлуш, гΙалгΙайн лидера дΙахьедира, машар а
безаш, тΙамах мукъавала луучу хΙора а тΙемалочунна шаьш некъ ло и дан а, цунна агΙолаца а, аьлла.
XS
SM
MD
LG