ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу мухΙажирех къа массарна а ца хета...



Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухΙажиршкахула йолчу урхалло хаам бина, 100 эзар сов Шемарчу тΙамах ведда мухΙажир дΙатарвелла мохк бу Либан, аьлла. Царел а 5 эзар сов шемахой бу официалехь Урдунехь севцца. Туркойн махко тховкΙело елла кхин а 1 бΙе эзар мухΙажирна. Иштта Иракъе кхаьчна 40 сов шемахо.

Дуьненаюкъарчу мухΙажирийн урхаллан пресс-секретара Флеминг Мелиссас дехна Евроазерчу а, Ιаьмеркарчу а пачхьалкхашка, тΙамо бохийначу шемахойх дог лозуш а хилий, Малхбаленна накъосталла деш, аш а тΙеэцахьара мухΙажирш, аьлла. Урдунан Ιедалша чΙагΙдарехь, цигахь бΙе гергга эзар шемахо чоьте а ваккхаза хан токхуш. Оршотан буса шайн хьелашна резабоцчу Урдунерчу Заатари-гΙамаршкахь шемахоша 20 гергга шаьш деха четар дагийна.
XS
SM
MD
LG