ТIекхочийла долу линкаш

Палестине вахана Кхатаран эмир



Кхатаран эмира Шайх аль-Тани Бен Халифа Хьамада официалан визитца вахана Палестине. Пхи шо хьалха исламан ХΙамас-парти Ιедале еъчхьана, Ιедалан цΙарх вахана вацара цига цхьа а Кхатаран куьйгалхо. Гонаха даьлла ондда ха а долуш, шен зудчуьнца а, Кхатаран министршца а кхаьчна эмир жуьгташа къевлина кхобучу Газа-махка. Палестинахойн агΙор хьаша тΙеоьцуш вара премьер-министр ХΙания ИсмаΙал а, цуьнан берраш а министрш а.

Алссам мехкдаьттан да йолу Кхатар лерина ю Палестинехь 250 миллион долларна белхан гΙишлош яхка. Аль-Танис куьйгалла ден эмират гергарлонашкахь ю вовшашца ийгΙина ехачу ГΙажарийчоьнца а, Цхьаьнатоьхначу Штаташца а, Хьамасца а, Жуьгтийн махкаца а.
XS
SM
MD
LG