ТIекхочийла долу линкаш

Норд-Остехь» нах байъар гечдойла дац



«Юкъараллана хетарг» цΙе йолчу Фондо теллина 10 шо хьалха Москох Норд-Ост театр нохчийн гΙаттамхойх мукъайоккхуш низамхоша дуккха а нах хΙаллакбар Оьрсийчоьнан бахархошна муха туьду. 70 процент гергга бу, театр чуьра маьрша нах а ца бойъуш, Ιедало гΙаттамхошца барт лехнехь нийса хир дара аьлла хетарш. 37 процент бахархошна хьашт дацара зуламхойн лаамаш тΙекъабан аьлла хета.

Маьрша нах байъина а, террорхой хΙаллак ца бича ца долура аьлла хетарш бац14 процент бен. Хууш ма-хиллара, хΙетахь Ιедалан ницкъаша театр мукъайоккхуш чухецначу газах велира 125 мьрша вахархо. Норд-Ост дΙалаьцна 40 нохчо а хIаллаквира хIетахь – 21 борша стаг, 19 зуда.
XS
SM
MD
LG