ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу хьакамашна досье язъеш ю



Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацехь прокурор лаьттинчу дель Понте Карлас – иза хΙинца оццу организацехь адамийн бакъонаш талхор толлучу комиссех ю болх беш - ша Шемин лаккхарчу тΙегΙанашкахь зуламаш динчу хьаькамийн цΙерш вовшахтухуш ю, уьш тΙеман зуламаш дарна жоьпе озорхьама, аьлла дΙахьедина еарий дийнахь. 19 баттахь Шемахь, президент Асад Башар коьртехь а волуш, цΙий Ιенош болчу куьйгалхошна дуьхьал тоьшаллаш гулдеш ю дель Понте.

Оцу юкъанна шегара дΙахьедар дина оьрсийн арахьарчу министра Лавров Сергейс а. Оьрсийчоьно, ша Шемин герггара доттагΙ хиларе терра, доьху Ιид-аль –Ιадха (ГΙурбан денош) лаьттачу муьрехь цигахь духьаллаьттачу шина а агΙоне цΙий Ιенор сацор, боху оцу дΙахьедаро.

XS
SM
MD
LG