ТIекхочийла долу линкаш

«Ιаьржачарна» хьалха жоп дала дезар ду



Деношкахь Москохарчу Вести-FM радиочухула къамел деш Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думехь Ставропол-мехкан цΙарх депутат йолчу Тимофеева Ольгас латкъам бира, деша дΙаоьхучу нохчийн, дагестанхойн, кхарачойн, чергазийн студентех Ιаржъелла Ставропол-гΙала, аьлла. Депутато бохург дара, кхечу дешнашца аьлча, бале бевлла шайна Ιаьржа нах, кавказхой бохург.

Иштта кхетийна цуьнан къамел и ца тайначу Нохчийчоьнан прокуратуро. Оцу хьокъехь депутат Тимофеева жоьпе озон дагахь а бу Нохчийчура низамхой, шаьш оьрсийн хаамийн гΙирсашкахула бинчу хаамца.

Иштта дуьхьалдаккха ойла ю церан деношкахь оццу депутатна цо деношкахь зорбанехь бусулба духарна дуьхьал къамел дар а.

XS
SM
MD
LG